Имам Алимсултанов
Текст песни ДегIаста

Добавьте этот текст песни в ваш персональный список песен.

Текст песни Имам Алимсултанов - ДегIаста

Буьрса тIом тIебеъна, латтанаш лелха.
ГIазот а дихкина, вайн кIентий гIевттина.
Хийрачу махкара вежарий айбелла -
Делера орца ду хьуна-м, вайн ДегIаста!

ТIемаш дац вайна дуьххьара тIедеъна -
Хийла кIант хьийзина, хийла дог Iовжина,
Паччахьо ницкъ бина вайнах-ам дIаихна,
Амма цкъа а биц ца ло шайн Даймохк царна!

ДегIаста, ДегIаста, вайн Даймохк-Нана,
Массарна тIебеъна бу бала тахна.
Богучу Даймахках къонахий ца идна,
Шайн синош ца кхоош - вайнехан сий айба!

Къизалла, халонаш вайнах бу хьегна,
Шерашкахь къийсамехь дай хила ца битна,
Цхьаъ хилий дIахIитта, Даймохк бу вайн хаза,
Цхьаъ ду вайн тайпанаш, цхьаъ ю вайн ДегIаста!

Салам ду, Маршалла, баркалла массарна,
Туркахойн махкара бусалба вежаршка!
Аш дина гIо-орца тхуна-м дIакхечира
Сийлахьчу вайн латта, хьоме вайн ДегIаста.

Халкъашлахь машарехь дехийла даимна.
Дай хилий дIахIитта тIаьхьенаш кхиорна.
ТIом ца оьшу вайна, паргIата даха дитахь,
Шаьлтана дуьхьала - шаьлта бен ца еза!

Заманца тIеман къахь вайн дегнех дIаийна, -
Чингисхан тIемашца, оьрсичу эскаршца.
ТIаьххьара ю Маршо вайна-м а кара еъна,
Дахаран мах хадо хуур ду вайна!

Салам ду, Маршалла, баркалла массарна,
Туркахойн махкара бусалба вежаршка!
Аш дина гIо-орца тхуна-м дIакхечира
Сийлахьчу вайн латта, хьоме вайн ДегIаста.

Поиск текстов

Ваш личный список песен:

Для быстрого перехода к нужной песне вы можете добавлять в этот список любые тексты песен. Данный список автоматически сохраняется на вашем компьютере.